День чеченского языка
19.04.2017В Чеченской Республике 25 апреля отмечают один из главных праздников республики – «День чеченского языка».
НЕНАН МОТТ
Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш, Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш, Декара дог 1ийжош, доруш.